стаг stag газнаавто къонах нохчалла оьздангалла грозный ламаз mylistory вайнах вежри гудермес до1а закат зуда ингушетия йижри кавказ къуръан марха напоминание нохчи нохчичоь пайдаэца салам суннат тавхид хьадис хьехам чечня lpg_tech
Мел дукха хlума ду дlабахна болчу а, тахана болуш болчу а вайн къоман йозанчаша, вайн яздархоша вайн маттахь яздина, охьадиллина. И доьшуш белхьара, нохчех, нохчийн гlиллакхех, амалех дукха хlума хуур дара кегийрхошна. Нохчийн кхетам, къонахийн кхетам бевзар бара царна, диканехь, вуонехь бистхила а, оьзда хила а, нахана юккъехь шаьш хlун дийца деза а, хlун дийца ца деза а, шаьш нахана юккъехь муха лела беза хуур дара. Шаьш нохчий хилар даим дагахь хир дара. НОХЧИ бохучу цlеран маьlна а, мах а хуур бара царна. Дехар ду кегийрхошка нохчийн литература ешарца. Къонахчун васт къеггина гайтина ду нохчийн литературехь.
⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀
© Хабаев Исмаил
⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀
@ismail_khabaev #нохчийн_мотт #дош #къонахалла #нохчийчоь #даймохк #кхетам #хьекъал #дешар #lилма #сий #доьналла #дешнаш #ойланаш #могlанаш #яхь #собар #эхь #оьздангалла #нохчийн_къам #стаг #майралла #синмаршо #къонах #гlиллакх #чеченцы #нохчалла
Мохк безарх, къам дезарх кхетар вац
мехкан а, къоман а воцург! Тахана чlогlа дукха а бу и мехкан а, къоман а боцурш. Денна гучубуьйлуш.
⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀
Ахь вайн къоман хастаме агlонаш хьахош, нохчаллах хьакхалуш хlума алахь, чlеран даьlахк санна, логе хlутту царна и. Суна уьш муьлш бу а, уьш хьанах схьабевлла бу а ца хаьа, уьш нохчий боций хаар бен. Церан цlе а яц, юьхь а яц...хlокху интернетан хьаьттахь буха хlуманаш яздеш болу комментаторш буьйцу ас... ⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀
«Бусалба хилчахьана» бохуш йолчу церан «чlогlачу бусалбаллах» а ца теша со. Дикачу бусалба стагана ца деза йиш яц хаза гlиллакх а, оьзда хlума а. Нохчалла - и хазалла ю, синисбаьхьалла ю и, дахаран массо а хьелашкахь къаста езаш йолу. ⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀
СУНА САЙН МОТТ А, САЙН КЪАМ А, САЙН МОХК А БЕЗА! И ЦАБЕЗАШВЕРГ ВЕЗА А ЦА ВЕЗА!⠀
⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀
@ismail_khabaev #къинхетам #кхетам #хьекъал #дешар #lилма #сий #доьналла #дешнаш #ойланаш #могlанаш #яхь #эхь #оьздангалла #нохчийн_къам #стаг #синмаршо #къонахалла #гlиллакх #нохчалла #маршо #синтем
Нохчийн мотт дуьненчохь уггар ширачех шира мотт хилар lилмано чlагlдеш ду. Нохчийн меттан ларш карийна уггар шира лоруш йолчу шумерийн а, хурритийн а цивилизацеш лаьттинчу хьаьттанашкахь дlабаьхьинчу ахкаман талламашкахь. Вайн матто гучудаьккхина ду и гаргарло. Вайн дайша и lалашбина ца хиллехь, вайга схьакхочур бацара и хаам. Цундела вайна тlехь а ду изза декхар - кхидlа а нохчийн мотт ларбар, и кхиор. И дийна мел бу вайн къам а хир ду дийна. И бахь, вайн къам а довр ду.
Цунах кхета а кхетта, нохчийн мотт ша а цlена бийцарна, шен доьзале а и цlена бийцийтарна, оцу маттахь ша а ешарна, шен доьзале а ешийтарна тlе тидам ца бохуьйтуш бакъволу нохчи lийр ву аьлла ца хета. Вайн мотт бу и. Вай нохчий хиларан билгало ю и. Вайга цхьаммо а и бийца а, ларбе а баха дезаш дацара. Хlора нохчичунна, жовхlар санна, деза хила дезаш дара нохчийн меттан хlора дош. Шен меттан сий деччул бен сий хир дац цхьана а къоман. Я хилла а дац цкъа а. Дала дуьне мел лаьтта латтобойла вайн сийдолу, хьалдолу НОХЧИЙН МОТТ ! ⠀⠀⠀
⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀
© Хабаев Исмаил ⠀⠀⠀⠀⠀⠀ ⠀
⠀ ⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀ ⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀
@ismail_khabaev #нохчийн_мотт #дош #къонахалла #нохчийчоь #даймохк #кхетам #хьекъал #дешар #lилма #сий #доьналла #дешнаш #ойланаш #могlанаш #яхь #собар #эхь #оьздангалла #нохчийн_къам #стаг #майралла #синмаршо #къонах #гlиллакх #йоза #нохчалла #маршо #синтем #жайна
Тахана шаьш хlуъъа а дийцича а, шаьш мухха а лелча бен-башха ца хеташ, хlуъъа а мегаш, хlуъъа а магош болчара гучудоккхушдерг - шаьш цlеначу нохчийн хlух ца хилар ду. Ношхчашна цкъа а ца мегна хlуъъа а. Хlуъъа а мегаш верг - лай ву, лайна мега хlуъъа а. Нохчий лай бац. ⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀
⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀
Нохчийн гlиллакхаш - шайца яккхий кlоргенаш йолуш, элийн гlиллакхаш ду, лаккхара гlиллакхаш, нохчий бен кхетар а боцуш. ⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀
⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀
Хlара дуьне цкъа а нохчех а, нохчийн кхетамах кхетта а дац, я кхетар дац. Я шайх дуьне кхетахьара бохуш, лелла нохчий а бац, шаьш шайн оьздангаллах, шайн синмехаллех ца бухуш, шайн цlе а, сий а лардина, кху дуьненах дlа чекхбевллачахьана. ⠀⠀⠀⠀⠀⠀
⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀
© Хабаев Исмаил ⠀⠀⠀⠀⠀⠀ ⠀
⠀ ⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀ ⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀
@ismail_khabaev #собар #кхетам #хьекъал #дешар #гlиллакх #сий #доьналла #дешнаш #ойланаш #могlанаш #яхь #собар #эхь #оьздангалла #нохчийн_къам #стаг #майралла #нохчалла #синмаршо #къонах
Стага Зуда шена ялош ю. Марда, марнана а, цунна тIедужуш дац. Царна там бан гIерта оьшуш дац иза. Иштта боху бусулба дино.. #IеламСтаг
«Пайхамара аьлла, шен зударшца дика хила. ЦIийнанда, ша мел долу хIума дан дезаш ву. Цуьннан гIуллакх дичхьана йолуш ю Зуда» .
-
#марнаной #стуннаной #марда #марнана #никахь #доьзал_ #стаг #зуда #х1усам #хьехам #хьехамш #зулам #ЗудаЯлор #доьзал_ #захло #Зуда_Йитар #ЦIийнанда #зудайитар #урдо #хиджаб_hidjab #стагзудадекхарш #нус #керт #хиджаб #разводш #хьакъ #аллероймедия #умархехоев #alimanshishani @al.iman_shishani .
Ⓜ️TELEGRAM https://t.me/ALIMANSHISHANI ✅
Нохчийн маттах ца бешаш, цуьнан мах ца хеташ адамаш хаало вайн нахана юккъехь. Нохчийн маттах ца ваша йиш яц нохчи воцург бен! Нохчийн меттан хlора дош дешел, детел мехала ду хlора нохчичунна. Нохчийн мотт - и нохчийн къам ду. ⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀ ⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀ ⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀ ⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀
@ismail_khabaev #нохчийн_мотт #дош #къонахалла #нохчийчоь #даймохк #кхетам #хьекъал #дешар #lилма #сий #доьналла #дешнаш #ойланаш #могlанаш #яхь #собар #эхь #оьздангалла #нохчийн_къам #стаг #майралла #синмаршо #къонах #гlиллакх #чеченцы #нохчалла #маршо #синтем #хабаев
~ Нохчийн мотт ца буьйцуш йолу хlусам нохчийн хlусам яц ~ ⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀ ⠀⠀
⠀⠀⠀
⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀ ⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀ ⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀ ⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀⠀
@ismail_khabaev #нохчийн_мотт #дош #къонахалла #нохчийчоь #даймохк #кхетам #хьекъал #дешар #lилма #сий #доьналла #дешнаш #ойланаш #могlанаш #яхь #собар #эхь #оьздангалла #нохчийн_къам #стаг #майралла #синмаршо #къонах #гlиллакх #чеченцы #нохчалла #маршо #синтем #хабаев
Collecter les statistiques #СТАГ effectuez une recherche à l'obtention des statistiques (Aller à la sélection).