чеченскийязык нохчийнмотт чечня нохчийчоь даймохк даймохкгазет картачечни картачр ненанмотт чеченцы nohchi repost грозный кадыров chechen grozny ishkola вайнах чеченки чеченская chechenrepublic nohcho инсталендинг кавказ урокичеченского чеченскаясвадьба чечен чеченскаякухна chechnya дошам нохчийнмотт
«Тахана тешнабехк биначух кхана цхьа а ца теша.» (Нохчийн кица)
__________
__________
Тому, кто предал сегодня, завтра никто не верит.
He, who betrayed today, is not trusted by anybody tomorrow.
Ingen tror på någon som har svikit.
__________
Оханан бутт, 2019
_________
#НохчийнКица #НохчийнМотт #ЧеченскийЯзык #НенанМотт #Nohchi #Нохчийн #ТаханаТешнабехкБиначух #ЦхьаАЦаТеша
________________________________________________
Муха кхета шу кху дешнех?
__________
«Хьокхаман доттагI хьокхамца дIавоьду.» (Нохчийн кица)
⠀
__________
Хьокхам — лепешка из пшеничной муки
__________
Хлебный друг уходит вместе с хлебом.
The bread friend leaves with the bread.
Brödvännen lämnar med brödet.
__________
Асаран бутт, 2017 (июнь)
_________
#НохчийнКица #НохчийнМотт #ЧеченскийЯзык #НенанМотт #Nohchi #Нохчийн #ХьокхаманДоттаг1 #Доттаг1 #Хьокхам
________________________________________________
Шуна хетий? «Ностальгия» муха олу нохчийн маттахь?
__________
ДІа мел даьлла де хазахета.
__________
Хазахета [хазахета, хазахийтира, хазахетта] 1) обрадоваться, радоваться, испытывать радость; 2) понравиться, нравиться; генара зурма хазахета погов. дальняя зурна приятнее (соотв. везде хорошо, где нас нет); шена хазахеттарг хазахетта посл. что нравится, то и прекрасно (Хьоста: Мациев)
__________
Сурт: @im1ela
__________
#Д1аМелДаьлла #НБДошХазахета #НохчийнМотт #ЧеченскийЯзык #НенанМотт #ChechenLanguage
________________________________________________
На один из самых популярных вопросов отвечает наша преподавательница Лида Ахмадова.
⠀
Базовый курс для начинающих рассчитан на 40 занятий - это примерно 5 месяцев. Начиная с алфавита и произношений, и заканчивая простыми диалогами на бытовые темы.
⠀
Далее ученики переходят на продвинутый курс.
⠀
Кстати, напоминаем, что мы набираем группы для начинающих на конец мая. Узнать подробнее и записаться можно по ссылке в шапке страницы @ishkola
⠀
#ishkola #онлайнкурсы #онлайнуроки #чеченскийязык#чеченская #чеченскаякухня #чеченец#чеченки #чеченскаясвадьба #чеченский #даймохк #chechen #nohchi #chechenka #нохчийнмотт #урокичеченского #чеченский #нохчо #нохчалла #нохчийчоь
АЛИЕВА ЗАРИНА
Хьехархочух дагалецамаш
Нохчийн меттан де тӀедогӀуш, суна дагавогӀу сайн школехь хилла нохчийн меттан, литературин хьехархо Дадакаев Дауд Эртиханович. Дагахьбаллам а сайн бисина болу, иза къинтӀераваккха хан цакхачарна. Адам довза, цуьнан амалех кхиа хан оьшуш хилла. Амма бераллехь хьекъал ца кхочура оцу даккхийчу хӀуманашна тӀаьхьакхиа. Дуккха а шераш дӀадевлла, амма кхоччуш тахана бен ца кхетта со Дауд мила хилла. Советан заманахь дуккха а дуьхьалонаш яра нохчийн мотт Ӏаморца йоьзна. Соьлжа-ГӀалахь дуккха а ишколашкахь иза Ӏамош а бацара. Мотт ца Ӏамо цхьа бух хила безаш хилла-кх. Цундела, дай-наной гулбина, школан куьйгалхочо цаьрга заявлениш яздан деза элира, шайн берашка нохчийн мотт ма Ӏамабайта аьлла.
Цу гуламе кхайкхина а воццушехь, чу а иккхина, баьхкина хьеший а, ишколан куьйгалхой а тергал а ца беш, наношка вистхилира Дауд: «Ма язъелаш заявленеш, шайн куьйга ма хӀаллакье шайн тӀаьхье. Кхана шайна а, нахана а хир бац шун уьш, шаьш муьлш ду а, мичара ду а ца хууш, дегӀан чалхаш текхош лелар бу. Тахана мотт ма Ӏамабайта эр ду, кхана ала оьшур дац шуна. Шун бераш нохчий кхуьур дац, цхьана а къомах а боцуш, са доцуш хир бу», – бохуш, орца дехира цо, хӀоранна а бӀаьра вогӀалуш, эхь меттахдаккха гӀерташ. «Покиньте класс», – бохуш, хьешашна хьалха юьхьӀаьржахӀоьттина, йоьхнера ишколан куьйгалхо а. Суна иза дагадогӀу, сан нанас цӀаеъча тхан дега дуьйцуш. Цу заманахь Дауд ца туьйлира. Цундела вайн къоман дийнна чкъор дисина шайн ненан маттахь яздан а, деша а ца хууш.
Ишкол чекхъяьккхича, со къоман отделени деша яхара, студенташ тӀетоьуш бац аьлла, оьрсийн отделени юха дехьаяла дагахь. Дауд цкъа дуьхьалкхийтира суна, тхо вовшашна дукха генахь Ӏаш дацара. «Алиева, суна хезнарг бакъ дуй? – вела а велла хаьттира цо соьга, – хьо нохчийн мотт Ӏамо яхна ма боху», – аьлла. «Со перевод йийр йолуш ю», – аьлла, доцца хадийра ас. Сайн дагахь, сох вела ма вела хьо, аьлла, сайх иза кхаьрдаш ву моьттуш. Велавалар дӀа а даьккхина: «Ма е перевод, хьуна хала делахь а, деша, сан цигахь бевзаш нах бу, сан цӀахь дуккха а литература а ю, ас гӀо дийр ду хьуна курсовой, кхин а язъеш», – элира цо. Со тӀаккха а ца кхийтира цунах.
Кхидӏа комментарешкахь
⬇️⬇️⬇️⬇️⬇️⬇️⬇️⬇